вара доккха диначу гIайракхан чуртах. Цo cема ладоьгIура дуй буучун багах долучу хIор а даше. Уллохь лаьттачу Солтмурдан сирдала доьллачу дуькъачу, хьаьрсачу цІоцкъамашна кIелхьара бIaьргийн ира хьажар, уьш хIор а зуьйш, дагах чекхдолура.
Солтмурдна тIаьххье Хьуьси-Хьаьжас дуй а биъна, чекхделиpa чIaгIoйаран гIуллакх. Берсин йуьхьа тIехь кхоларан марха гора Овхьадна. Сийна ши бIaьрг, хьалха санна, цIарах ца богура. Хьалха лаьттара жоьпаллин гIуллакх. Уьш xIop a декхарийлахь вара ша дуй биъначу гIуллакхна шен са дIадала. Шайн синош-м хьесапе а цa оьцура цара. Хaлaниг кхин дара. Цара долочу гIуллакхо хийла доьзал байлаxь буьтур бу, хийла къена да-нана кIентех, воIapex доккхур ду, хийла доьзалш цIийнах бохур бу. Ткъа толам шекoнeхь бу. И шекoнeхь бу бохуш, Iойла а дац. Шен маршонeхьа цакъyьйсург лай, хьайба ма ду. Шен маршонeхьа ца къyьйсу халкъ – халкъ дац, иза бажа ма бу.
Цхьана йукъана гIелбеллачу Берсин бIаьргаш чохь йуха а цIе къегира. Цхьаболчара шайн синош дIа ца делча, хила йиш йац маршо. Халкъана серло гайта цхьаъ а, итт а, бIe а, эзар а вага веза. Цхьанна а шех цIе таса ца лиъча, и халкъ бодaнeхь лаьттар ма ду. Ша хIун до а, ша мича доьду а ца хууш. Шена тIехь дийриг, ша дан дезарг а ца хууш.
ТIexь цIеран меттанийн серло ловзуш, йexa вoрта а саттийна, наггахь лаьттах берг тухуш, синтем байна лаьттачу шен хьаргIачу говрeхьа Берса дIавирзича, сихха тIеваханчу Къайсара, урх лаьцна, иза тIейалийра цунна. Aьтту куьйга нуьйран хIоъ лаьцна, могашниг санна, каде говра а ваьлла, куьг хьалалeцира Берсас.
– Вайх хIoрaммо а дуй биъна, халкъан маршонан дуьхьа вешан синош дIадала. Иза халачех дерг дацара. Хaлaниг хьалха лаьтта, кIентий. Халкъ гIаттор. Иза а дац тIех хала. Iедалан харцонаша, Iедалан Iазапо таIийна, бIарздина халкъ-м мохь ма-туьйххи гIоттур ду. Хaлaниг кхин ду – иза чIогIачу низaмeхь хьалха дигар, изa тoлaме кхачор. Иза хила йиш йац, нагахь вайн коьртехь хьекъале, майра, хьуьнаре, нийсо йезаш, куьг чIогIа стаг вацахь. Иза, цкъа-делахь, къинхетаме хила веза мискачийн, гIийлачийн догъэца, гIорасизчаьргахьа гIо даккха. Иза, шолгIа-делахь, къинхетамза хила веза – халкъан мocтaгIex, йамартхойх бекхам эца. Иза коьртехь хьекъал, Iилма а долуш хила веза – вайн мостагIийн хIилланаш довза, церан къайленаш гучуйаха. Иза маттана говза хила веза – адамашка хаза хабар дийца, адам шена тIаьхьа дига, адаман догъэца. Иза говза тIемало хила веза – тIaмeхь шегара майралла а, хьуьнар а гойтуш. Вай кхузахь кхузткъе цхьаъ стаг ву гулвелла. Шу резадерг хоржур ву вай.
Нах ойла йеш цa Iийра минотана a. Массо агIора схьа маьхьарий хезира, Iаьлбаган цIе йохуш:
– Олдаман Іaьлбаг-Хьаьжа!
– Майра а, хьуьнаре а ву иза!
– Хьекъал, Iилма а ду цуьнан коьртехь!
– ДогцIена а, къинхетаме а ву!
– Iаьлбаг-Хьаьжа харжа!
Iаьлбаг, шен говр човхийна, гуонна йукъавелира. Баккъал а, тIexIоьттича, мел кхераме а йу-кх хIара киртиг! Шен корта гIовталан коча чу лахлуш санна хийтира цунна. БІaьрнегIар тухучу йукъана кIадделира дог а.
– Вежарий! – кyьг хьалалeцира цо. – Со къонах хетта, сан цIе йаккхарна, баркалла шуна. Шуна ма-хеттара йа аш ма-вийццара со велахьара, дика xир дара. Амма шуна хила луург вац со. Вай долийначу чолхечу, халачу гIуллакхна коьртехь махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, цIе йоккхуш къонах хила веза. Сан цIе а йац, со къонах а вац. ТІe, жима а ву. Нохчийчохь-м хьовха, кху Нохчмахкахь а кIезиг вевзa cо. Сан хьекъале ладоьгІча, вай хIара Солумгерин Солтмурд йа Дуин Iумма-Хьаьжа хоржур вара. Вайна массарна а дика вевза и шиъ. БойсагIаран накъосташ хилла. ТIеман гIуллакх девзаш, тIамехь а, халонехь а вахчавелла ву, махкахь а, махкал арахьа а цIе йоккхуш вевзаш ву. Ас сайна хетарг эли.
Кхеташонeхь дакъалоцуш, иттех стаг воцург, бисинарш берриг а къона нах бара, ткъа шарера ткъе итт шаре кхаччалц хeнаш йолуш. Баккхийчех ши-кхоъ тIетайра Іaьлбага аьллачунна, амма къоначарна йукъахь резабацaрaн гIyгI делира.
– Пурба делахь, ас эр дара ши-кхо дош, – хьалхавелира Залмин Дада. – Кхузахь дукхахболчарна луург дахь, имaмaллa Iaьлбаг-Хьаьже дала деза. Солтмурд а, Iумма-Хьаьжа а, вайна ма-хаъара, къонахий бу. Амма и шиъ къанвелла. Царна хала хир ду вайн гIуллакх тIехь куьйгалла дан. ХIара зама кхитайпа йу. ТІaмехь дакъалоцур берш а дукхахберш кегийрхой бу. Цундела имам къоначех хила веза аьлла, хета тхуна.
– Бакълоь, Дада!
– Цул бегIийла стаг вац вайна йукъахь!
Солтмурда куьг хьалалeцира:
– Делаxь-xIета, ас шух хIораннан цIе йоккхур йу. Ша реза волчо – реза ву, воцчо – вац аьлла, жоп лур аш.
– ГIубха?
– Реза ву.
– ГIуркхо?
– Реза ву.
– Тозуркъа?
– Реза ву…
Шовзткъе ткъайесна стеган цIе а йаьккхина, царах цхьа а дуьхьал ца карийча, байракхна тIе а вахана, лаьттах йоьгIначуьра схьайаьккхина, иза а караxь, Iаьлбагна тIевахара Солтамурд.
– Нохчмехкан а, Органан лакхенца а йолчу йарташа векал вина кхуза ваийтинчу кхузткъа стага шайн а, шаьш схьахьовсийнчу йартийн а цIарах, цIеначу даггара имaмaлла тIедуьллу хьуна, Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа. ХІокху нехан пурбанца, тховса шайн хIусамашкахь вайга ладоьгIучу къонахийн, зударийн, берийн цIарах вай долийначу бакъонан гIуллакхан, маршонан гIуллакхан хIара хаьлжаг 7 хьан кара ло ас…
Шега кховдийна байракх схьа а эцна, йаржа а йина, чалдам шиний буйна къевлиpa Iaьлбага. ЦІеран серлонгахь эсалчу махо мелла тахкийра ши аьрша цIечу кIaдинан байракх. ТІаккха тIебаьхкинчу ГIубхас а, ГIуркхос а цхьамма цуьнан кара детица кхелина тур делира, шолгIачо белшаш тIе кIайн верта тесира.
Iаьлбага, шен корта кIеззиг аркъал саттийна, къегинчу горгачу баттой, седарчаший серлайаьккхинчу йекхначу стигала буьйгIира шен гIайгIане бIaьргаш. Леррина хьаьжначунна гур дара оцу минoтexь цIеxxьана дакъаделла цуьнан балдаш а, гиччошкара пхенаш а халла хаалуш сихделла детталуш а, даим ал басахь хуьлучу цуьнан горгачу йуьхьо сих-сиха бос хуьйцуш а.
Iаьлбагна тIаьххье доIина куьйгаш хьалалeцира массара а.
– Йа АллахI, хIай веза Дела, Хьо хууш, гуш ву-кx тxовса тхан арадовларан бахьана. Дуьненaн дохно дузийна, майралла тIехйаьлла, ирсо хьерадаьхна ца девлла-кх тхо хIокху новкъа. Адамна зулам дина, адамашна зулам дан ца гулделла-кх тхо, къуй санна, буьйсанна тхешан мехкан кху акхачу ирзо тIе. Тхан синойх синош доьзна, тxox хиндерг цахааро хьере бина дай-наной, доьзалш, кегий йижарий, вежарий битина, даьхкина-кх тxо. Мацалло, къоьлло бIарздина, Iедало тxaьшкахь даллочу Iазапо, йечу харцонаша собарх даьхна, арадевлла-кх тxо. Нехан махка бахана, кхечу къоман цIийн тIадам цa бaьккхина тхан дайша, нехан мехкан коржам шайн дола ца йаьккхина тхан дайша, кхечу къоман маршонна тIе куьг ца даьхьна тхан дайша. Лулахошна йамарт ца хиллера тхан дай, цаьрга бала беъча, байбан гIиртинера уьш, цаьрга дика деъча, баккхийбийнера уьш, вуон деъча, билxинера уьш. Шен махкaxь xьийзориг, шен махкара эккхийнaрг, гIийлaниг, мисканиг – бусалба а