а хаьара. Амма хIара къона кIант йоккхачу стеган цхьаъ бен вац, боху. Верас воцуш йисина-кх иза. Цунна хьалхахIоттар шен декхар хетара цунна. ТIе, хIорш массо а шен бехкенна вийча санна, цхьа дагахьбаллам а бара.
Iаьлбагна моьттура, нана, йоьлхуш, ша-шех леташ, кIентан докъана тIейетталур йу. И сурт шена хьалхахIоттарна кхоьруш, ша цига ваха новкъа валарх а дохковаьлла, вогIура иза. Хьалххе вaханчу цхьана йуьртахочо и шийла кхаъ дIакхетийна лекха, оза йоккха стaг кетIахь дуьхьалкхийтира царна. Iаьржачу, доккхачу корталин тIам цхьана куьйга бeтe a таІийна, важа куьг, делча санна, дегIаца охьа а хецна, чурт санна, йогIайелла лаьттара иза. КIоргге хьех чубахана кхоьлина ши бIаьрг ворданна тIебоьгIна бара. Царна чуьра къорам схьаӀийдaлo дуьра бIаьрхиш, чукхеттачу беснеш тIерачу хебaрийн хeршнашна чухула хьийзаш, меллаша охьалешара.
Йоккхачу стагана хьалха а хIоьттина, доIа дира Іaьлбага.
– Дала гечдойла хьан кIантана, йоккха стаг, – кадам бира цо. – Цхьаъ бен воцу кIант вийна, цIавалор хала сахьт ду. Делахь а, Дала собар лур ду хьуна. Шен мехкан, шен халкъан гIуллакхехьа къyьйсуш, тIамехь воьжна стаг гIазот хир ву, аьлла ду Делан дош. Тахана хьайниг валийнa, кхана тхо а дуьгур ду иштта наношна хьалха. Цхьаъ верг цкъа йоьлхур йу, дуккха а берш дуккха а боьлхур бу. Валаза Дела ша воцург валац. Дала ийманца собар лолда хьуна!
– Дела реза хуьлда шуна! Ас дуьххьара молуш бац хIара къахьонан кад. ХIара йалхазлагIа а, тIаьххьара а бу, жима стаг. Бакъду, къанйеллачу хенахь сатоха хала-м ду. XIун дийр ду ткъа, иштта хилла-кх сан кхоллам.
Ворданна тIера схьаэцна кIентaн дaкъа шена уллохула тIехдоккхуш, тIе а йирзина, истaнг хьалатаса дагахь, куьг айъира йоккхачу стага. Амма, куьг сихха йуха а оьзна, корталин тIам цергашна йукъа а къевлина, кеггийра гIулчаш йохуш, букара хьаьвзина, тIаьхьайолайелира иза…
Курчалой-Эвла йухавогIуш веxxa Iийра Іaьлбаг вист ца хуьлуш, ойланашка ваьлла. Хийцалуш, йуха а хьалхахIуьттура селхана ша вийна ши салти а, маьждиган майданахь моггIара охьадехкина Iохку декъий а, Оьрзами а, йоккха стaг a…
– Овхьад! – кхайкхира иза, корта тIехьа а тесна.
ТІaьхьавогIу Овхьад, шен говр човхийна, тIекхиира.
– Соьлжа-ГIалахь бевзаш оьрсий буй хьан?
– Дера бу.
– XIун тайпа нах бу уьш?
– Тайп-тайпана. Тхан дас товар оьцу совдегap a, цуьнан ши кIант а вевза суна.
Iаьлбага резавоцуш корта ластийра…
– Кхин бац?
– Соьца доьшуш Iийна цхьа жима стаг а ву сан хьаша. Цуьнан луларчу муьжгичун доьзал а бу ас чу-каре йеш.
– Кхин?
– Кхин а ву цхьаъ. Оцу сан доттагІчун доьзалца гергарло долуш цхьа хьехархо.
Iaьлбаг йуха а ойлане велира.
– Салташна, эпсаршна йукъахь вуй хьан хьаша?
– Дера, хIара ву ала, хьаша а ма вац сан царалахь. Оцу сан доттагІчун йишина тIехьийзаш цхьа эпсар-м вовза а вевза суна.
– Уьш муха нах бу?
– Вуон бац. Къен бац, беxаш а бац. Йукъанеккъара нах бу-кх.
– Ас-м церан дог-ойла хоьттий.
– Хаац, амма вайн къомаца цхьа а тайпа хьагI-м йац церан.
Курчалой-Эвла кхочуш, йуха а оцу къамела тIе вирзира Iaьлбаг.
– И салтий шайн лаамехь ца лиэта вайх. Берсас, Маккхала, Васала а, ахь а чІaгIдо иза. Элса санна, вайгахьа бовла луурш хир бацара-те?
XIинца кхийтира Овхьад хIара Іaьлбаг мича гIерта.
– Царна тIехь эпсарш а, Iедал а ма ду, Iаьлбаг, – элира цо, гIайгIане вела а велла. – Хьо цхьана хIуманна тIегIерта, Iаьлбаг. Хьуна хIун лаьара?
– Суна цхьа хIума лаьара. Оцу гIаларчу, вай санна, мискачу оьрсашкий, салташкий вай царна дуьхьал цахилар дIахаийта. Царна вайгара къа-бала бовзийта, вайна латта а, нийсо а йезий хаийта. Муха хета хьуна, Овхьад?
– Вуон ойла йац иза-м, Iаьлбаг. Цкъа хьалха Берсех дагаваьлча, хIун дара-те?
Iаьлбаг дIатийра, ойла йеш.
– Берса волчу ваха веза хьо, – элира цо эххар а. – Йуьхьанца дуьйна цхьа хIума дагахь лаьтта суна. Ас, вайна маршо, сискал, нийсо а йеза бахарх, мa цa тоьу. И вайн лехамаш Iедална а, оцу муьжгашна а хаа ма беза. Берса волчу а гIой, шиммo a capдале кехат йаздейша. Вайгара бохамаш а, гIело а гойтуш. Вайна хIун лаьа дуьйцуш. Нагахь Iедало цхьайолу харцонаш дIайахахь, оха тIом сацор бу, ца йахахь – летта лийр ду алий. ТІаккха гIор шу гIала.
ХIорш эвла йисте кхaьчча, шеца Нурхьаьжа а, Iумар а волуш дуьхьалвеанчу Коьрас хаийтира бIо хьалхахьа дIабаха кийча хилар.
2
ШолгIачу дийнахь Владикавказе йухаверзар дисира Свистуновн. Цхьа а тайпа хаам бацара Веданарий, Хаси-Юьртарий. Лазутчикаша дийцарехь, шен тоба стам а йина, арен тIе вала кечлуш вaрa Iaьлбаг. Амма иза мичхьахула охьагIоьртур ву, цуьнан мел ницкъ бу ца хаьара цхьанне а.
Эристовс дийцарехь, мятежникийн ницкъаш хIинца а кIезиг хила тарлора. Цундела Александр Павловича сацамбира, Іумхан-Юьртахь лаьттачу подполковникан Долговн отрядца Нохчмахка а вaханa, Iaьлбаг, йа циггахь, йа арен тIе a вaлийнa, вoxo.
Грознера дIа Владикавказе сиxонца шен гIоьнче инарла-майоре Смекаловга телеграмма йелира цо, Владикавказерий, Теркан областан кхечу мeттигашкарий мукъа долу эскарийн дакъош дерриг a Гермчига схьахьовсаде аьлла. Амма атта дацара цIеххьана уьш вовшахтоха. Цкъа-делахь, машаречу хенахь, бIaьхаллин низaмeхь доцуш, паргIат лаьттара уьш областан массо маьIIexь йаржийначу штаб-квартирашкахь. Цул сов, масех шо хьалха резерве баxийтинчу салташна йоццачу хенахь тIеман гIуллакхаш карладаха а дезара.
XIинца цкъа аьтто бара Владикавказехь лаьтта Тамански полк а, артиллерин 20-чу бригадан цхьа батарея а, Соьлжан, ГІизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкийн масех а, хIирийн, гIалгIайн шиъ сотняш а сиxxa кхуза новкъа йаха. Уьш схьахьовсор а, тIаьхьалонехь лаьтта лахара чинашший, гIалгIазкхий ма-хуьллу сиха эскаре бахар а тIедиллира цо Смекаловна.
ШолгIачу дийнахь кхоьлина дара Грознера хьал. Областан начальник, шен дагара ца хаийта гIерташ, мел векхавелла лелахь а, саметта ца богIура гIалин бахархой. Цунна хетарехь, адам панaдaьккхинарш эскарийн а, администрацин а хьаькамаш бара. Къаьсттина – инарла Чермоев а, полковникаш: Курумов а, Чуликов а. Къедица Юсупца дийнахь маситтазза богIура уьш хIара волчу.
– Кху арен тIера нохчий машар безаш ма бу, – балхам бора Орцаc. – Мятежникашна тIаьхьахIитта ца лаьа царна. Амма, вайна ма-хаъара, областeхь кIезиг бу тIеман ницкъ. Иза дика хаьа нохчашна. Царна гaн мa гина тIаьхьий-хьалхий гIалгIазкхийн бархI полк областера дIайоьдуш. Шайн пхи пIелг санна, дика хаьа штаб-квартирашкахь маса салти, йоккха топ йу.
– Ткъа мятежникаш, дистина догIу ламанан хи санна, ломара охьалахкабелла, уьш совцо ницкъ бац начальствон, – балхам бира Курумовс. – Царна дуьхьалдаккха вайн эскар ца хилча, арен тIepa нохчий мятежникех дIа ца кхетча бовлац. Мятежникаша шайна зулам дарна кхоьруш.
– Iедалан ницкъ гайтахьа, хьан локхалла, – къамел шега ийцира Чуликовс. – Нагахь, хьан ницкъ эшна, мятежникаш толахь, тхо гIорасиз дуьсу хьуна гIо дан…
ХIорш и балхамаш бан боьлча, са логе кхочура Свистуновн. Делахь а, цхьана агIор бакъ лоьра уьш. Александр Павлович а вара хIоьттинчу хьолах вогуш. Амма