бала, сингаттам хилча. Иза дIа ца баккхало дуьненан хьоле. Ткъа оцу бархI адаман кийрахь сингаттам бара, кIуркIамане санна, даим дIа хьийзаш, и кийра чахчош, боттуш. Кхузара адамаш, церан мотт, амалш, гIиллакхаш, Iалам хийра дара церан дегнашна. ШолгIа шо дара царна нохчо ганза, даймахкара хабар хазаза. Ца хаьара, Зеламхех а, Бийсолтех а, шайн йиша-вешех а хIун хилла. Ойланаш йора, уьш байъина-те, лецна набахтехь бу-те, хIокху пана Сибрехь, хIорш санна, халонаш, баланаш ловш, даймахке сатуьйсуш, бIарзбелла лелаш бу-те, бохуш. Йа хIокхеран йарташ йагийна, гергарнаш а, йуьртахой а доьзалшца цхьаьна махкахбаьхна, цхьана пана махкахь вовшех а къастийна, баржийна-те, бохуш. Ткъа буьйсанна набарш кхетча, тайп-тайпана гIенаш гора царна. Цхьа наггахь – хаза гIeнaш. Даймохк, дагна гергарнаш. Иштта хаза гIан гуш, шаьш самадевлча, вас хуьлура царна. Дукхахьолахь вон гIенаш гора. Шайн белларш, салтий, йохийна а, йагийна а хIусамаш, эрчадаьхна декъий, кхин а, кхин а. ТIаккха дегIе хьацар детташ, узарш деш, маьхьарца самабовлура. Иштта гIан гича, кхин тIе а алсамболура цаьргара бала.
Стигалахь гулйелла догIанан мархаш йа дуькъа дохк даржош, гучуболучу малхах тера хIокхарна хилла Валентина дIайахча, кхин тIе а базбелира царна и бала. Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а вогIура дийнахь. ХIокхарна хIун оьшу а хьовсий, цхьацца кега-мерса гIуллакхаш а дой, дIавоьдура и шиъ. Наггахь лулара зударий а, хIокхаьрца буьйса а йацйой, дIабоьлхура. Ткъа хIорш шайн гIайгIанашца цхьаьна буьсура.
ШолгIачу Iай хIокхарна йуьйцу а ца хезначу цамгарх, шина кIирнах а Iиллина, дIакхелхира Ахьмад. Оцу шина кIирнах цкъа а кийра рицкъа ца дахара цуьнан, даим дIа хаддаза хи муьйлуш, дено-дено гIеллуш. ТIаккха оццу цамгарх, иштта бала а хьоьгуш, кхелхира Лом-Iела а.
ЦIахь, даймахкахь, иштта киртиг нанна тIехIоьттича, Iожалло хьийзочу, са дIадала гIертачу доьзалхочунна уллохь ца йуьту иза, йитахь а, ша цхьаъ ца йуьту. Нанна уллохь цуьнан да-нана, йиша-ваша, гергарнаш хуьлу. Цара мелла а байбо ненан кийрара бала. Ткъа Бецина а, Зезагна а орцахвала цхьа а вацара хIокху пана махкахь. Цара шаьш дIанисвира ши кIант синош дIалуш, шаьш тIекъевлира бIаьрнегIарш, чIенгаш, куьйгаш дIанисдира. Цара шаьш лийчийра шина кIентан декъий, шаьш кечдина марчо хьарчийра.
И шиъ-м Дала веллера цаьршинна. Дуьненахь ваха царна ша билгалйина хан чекхйаьлча, дIа а вигнера. И шиъ реза йара Дала динчунна. Ахьмад велча, Беци а, Зезаг и бIарзйинарг, царна Iаьткъинарг кхин дара. Ахьмад жима велахь а, цадешарх тарлуш делахь а, цо са дIалучу хенахь цхьаммо Йасин а ца доьшуш, иза валар Iаьткъинера цаьршинна. Иза дIаволларан гIайгIа а йара. Каш даккха а дезара. Иза керстанашка даккхийтича, муха мир дара а, ца хаьара. Каш-м, гIаддайча, шаьш а доккхур дара цаьршиммо. Коша вилла а ма везара. ДIавоьллинчул тIаьхьа коша тIехь Йасин, ЗаIам ца дешахь а, Къуръанан цхьацца айаташ деша а, доIа дан а ма дезара. Уьш цхьа а ма ца хаьара Бецина а, Зезагна а. Уьш а, гIаддайча, тардолуьйтур дара. Доллучул а царна бала бинарг кхин дара. Иза мичахь дIаволла веза цахаар. Бусалба стаг керстанийн кешнашка дIаволла ца магадой, хаьара цаьршинна. Кхузахь бусалбанийн кешнаш дац. Керстанийн кешнашка дIаволлар хьехочохь а дацара. Цхьанхьа къастийна каш а даьккхина, дIавоьллича, иза эрна арахь, хьуьнхахь дIакхоьссича санна, хетар дара, шаьш дуьненахь йоккхучу йерриг а хенахь кийрахь бала хир бара.
Шина зудчо шайгара бала балхийра Николай Трофимовиче. Иза сихха кхийтира цаьршиннах.
– Луларчу йуьртахь дукха хенахь дуьйна бехаш гIeзалойн ах бIе гергга доьзал бу. Шайн белларш дIабухкуш къаьстана кешнаш а ду церан. Велларг дIаволла молла воцуш а хир бац уьш. Суна дика бевза цигара гIeзалой. Шинца доттагIалла а ду сан. Нагахь санна шуьшиъ реза йелахь, царах цхьа-шиъ схьа а валийна, Ахьмад цига дIа а вигна, церан кешнашка дIавуллур ву вай.
Реза муха ца хуьлу? Николай Трофимовича ах бала дIаийцира цаьршингара.
Сихха шина говран салазахь вахана, цхьана сохьтехь ши гIезало а валош йухавеара Николай Трофимович. Царех цхьаъ цигарчу гIезалойн молла вара. Ахьмад дIавуьгуш, Зезаг а йахара цаьрца, кIант мича, муха дIавуллу, хаа лаьара шина зудчунна. Цул совнаха, тIаьхьа цуьнан кошан борза тIехIитта ойла а йара церан.
Дукха хан йалале дIакхелхина Лом-Iела а иштта дIавоьллира оцу гIезалоша.
Шен ойла ца йора Бецис. Цуьнан-м хIинца а ши кIант, ши йоI дара. Царах хиндерг ца хаахь а. И цхьа кIант бен, кхин бер ма дацара Зезаган. Лом-Iелин цхьа шо а кхачале, къона йолуш жоьра йисинчу цо БецигIаьрца цхьаьна йерриг халонаш ма лайнера хIокху тIаьхьарчу шийтта шарахь. Лом-Iела веллачул тIаьхьа шен диъ бер хьаста-м хьовха, цаьрга йелайелла йистхила а, дIахьажа а эхь хетара Бецина.
…Лом-Iела дIакхелхина, Беци а, Зезаг а гIайгIано дIалаьцначу деношкахь дара Iела волчу Зеламха веача. Мухха делахь а, цхьа бIаьргана гуш боцчу ницкъо, Iаламан къайлено Зеламхин дагах тоьхнера генарчу Сибрехь цуьнан доьзална хилла бохам…
XXV корта. Петарбухехь
Оьрсийн халкъе шен маршо йаккхалур йац, цо кхечу халкъийн а маршонехьа ца къийсахь.
В. И. Ленин
1
Россин колониальни Iазапна дуьхьал, шен маршонехьа нохчийн халкъан хIора болам бусалба динах окхура паччахьан Iедало а, официозни историкаша а. Нийсса аьлча, бусалба дин йукъара бехке ца дора цара. Нохчийчохь цхьа болам болабелча, меттигерчу а, столицерчу а зорбанехь шуьйра пропаганда йолайора нохчашна дуьхьал. Кавказехь а, йерриг имперехь а дехачу халкъийн цаьрга цабезам, цатешам кхолла, нохчаша схьалаьцначу новкъа и халкъаш ца довлийта, йа вуьшта аьлча, шайн маршонехьа Iедална дуьхьал уьш ца гIовттийта.
Оцу пропагандин идеян коьрта чулацам иштта бара. Нохчий шайн кхетамца кху заманна генна тIаьхьабисина, иза эзар шо хьалха адамийн хиллачу кхетамца дехаш акха къам ду. Шаьш бусалбанаш бу бахахь а, амма Къуръано а, Мухьаммад-Пайхамаран суннаша а бусалба адамашна тIедехкина декхарш нохчаша аьттехьа а кхочуш ца до. Ша къахьегна ца даьккхинчу рицкъана, нехан долаллина тIе куьг ма кховдаде, боху цаьрга Аллаха а, Мухьаммад-Пайхамара а. Ткъа нохчаша къоланаш, талораш до. Вовшашлахь а, кхечу къомах, кхечу динехь адамашна а. Ша кхоьллинчу адаман са ма даккха, боху Дала бусалба адамашка. Бусалбанан а, кхечу динехь волчу стеган а. Бусалба адам дийначун йалсаманега дог дохийла йац, иза эзар-эзар шерашкахь жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху Дала. Ткъа нохчашна хIумма а доцург хета стаг вер. Вовшийн а воь – нохчо, бусалба. Кхечу къомах, кхечу динехь верг а воь. Бусалбанаш цхьа вежарий а, йижарий а бу, уьш муьлххачу къомах, муьлххачу басахь белахь а, цара муьлхха мотт бийцахь а, боху цаьрга Дала. Царна йуккъехь барт, машар, нийсо хила йеза, боху. Къаьмнаш, тайпанаш, тукхумаш ма къестаде, боху. Бусалба динехь тобанашка ма декъало, боху. Ткъа нохчашна шайна йукъахь а